Соьлж-ГӀаларчу Висаитовн кӀоштан кхел йуха а реза ца хилла Нохчийчурчу йахархочун Умарова Эсетан лехам кхочушбан. Цо гIуллакх айдинера, 2020-чу шарахь дуьйна, шен кӀант Умаров Мовсар лачкъор хьокъехь долийначу бехктакхаман гӀуллакхан материалаш шена йовзийтар дехар деш. Нохчийчохь 30 шарахь нах лечкъорца доьзна массех эзар гӀуллакх таллаза дуьсуш ду – ур-атталла зуламхойн цӀераш йевзачу гIуллакхашкахь а, билгалдоккху бакъонашларъярхоша.
Йа бехкенаш бац, йа дина таӀзар а дац
2025-чу шеран товбеца-беттан 18-чохь пхи шо кхочу 33 шо долу Соьлжа-гӀалара вахархо Умаров Мовсар лачкъийна. Оццу хена чохь, цхьа а бехктакхаман гӀуллакх йа къастийна йа кхеле кхачийна дац, 4-зза таллам сацийнера, гергарчарна тахана а аьтто баьлла бац талламан материалаш тӀекхача.
Соьлжа-гӀалахь, ша болх бечу ресторанера лачкъийна дIавигира Умаров Мовсар. ШолгӀачу дийнахь гергарчарна иза карийра Ленинан кӀоштан полицин декъехь, цигахь цаьрга дӀахьедар дира, Мовсар "Тумсога ладоьгӀна" (оппозицин нохчийн блогер Абдурахманов Тумсо) хилар бахьана, ницкъаллин структураш тидаме эцна, аьлла.
Цул тӀаьхьа, цхьа де даьлча Мовсар дехьаваьккхира Соьлжа-ГӀаларчу "нефтяной полкан" (Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан Нохчийчоьнан ведомственни йоцу кхерамазаллин урхалла) декъе. Цигахь кхаа кӀиранах лаьцна латтийра иза, марсхьокху-беттан 7-чохь гергарнаш схьакхайкхира.
Ас элира: Валар гӀолехь ду хьуна, гуора х1оьттина вехачулла. Нагахь санна, цхьанхьа цара хьо вигахь, дIавада хьажа, амма нахана мотт ма тохалахь
Беттанашкахь, нахана шайн тӀепаза байна гергарнаш каро аьтто ца хуьла, амма Мовсаран гергарчарна информаци лора иза мичахь ву а, цуьнан могушаллех лаьцна. Нене дӀахьедира, Мовсара цхьа а зулам дина ца хилар, иза лаьцна латтор, Абдурахманов Тумсон видеошка хьаьжна хилар доцург кхин цхьа а бахьан дац, аьлла. Цара дош делира, шаьш иза уггаре а дуккха, цхьана кӀиранах латтор ву, кхетош-кхиоран къамелаш а дина, цул тӀаьхьа дӀахоьцар ву аьлла.
Мовсаран доьзал тешна бара, иза дӀахоьцар ву аьлла. Цуьнан гергарчаьрга дӀахьедира, иза луларчу кӀошта талламаш бан дӀавуьгур ву аьлла, ткъа цул хьалха Умаров Мовсаран нанна, кӀант ган бакъо йелира. "Ас элира: гуора хоьттина вехачулла, къар цалуш валар гӀоле ду хьуна. Нагахь санна цара хьо цхьанхьа дӀавуьгаш хилахь, вада хьажалахь, амма нахана мотт ма бетталахь. Сий долуш лийр ву хьо, гергарчера а ларам бовра бац", - дийцира Умаровас шен кӀанте, ша тӀаьххьара аьллачу дешнех лаьцна.
ТӀаьхьо, чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан белхахоша хаам бира Мовсаран гергарчаьрга, марсхьокху-беттан 11-чохь иза ГӀалгӀайчу талламан гIулчаш дан вигича, "маьждиган тIехьашхула, ведда" аьлла. Церан дешнех ца тешна, нанас йуха а хаьттира: "Муха аьтто баьлла цуьнан вада? Шун чуьра, моза а бодур бацара!"
Мовсаран гергарнаш ца теша иза ведда ваьлла бохучух, царна хетарехь, иза вийна хила мегаш ву. Уьш тешна бу Нохчийчоьнан куьйгалхочун хьехамча Байтуев Мохьмад иза лачкъорехь дакъалаьцна хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо, тIецадитира шен гӀоьнча Байтуев Мохьмад, Умаров лачкъорехь дакъалоцуш хилла боху верси. Цуьнан декхарш- зорбанца болх бар а, куьйгалхочуьн тӀедилларш а кхочуш дар ду, дIахьедар дира Кадыровс.
"Ларамаза баларш", нах лечкъор а
Республикера бахархой лецар а, лачкъор а, цул тӀаьхьа тIепаза бар а дукха хенахь дуьйна ду Нохчийчохь. 2015-чу шеран гIура-беттан 19-чохь лачкъийна дIавигира Соьлж-ГӀаларчу пачхьалкхан мехкадаьттан техникан университетан экономикан хьехархо Эжиев Хизир. ГIура-беттан 28-чохь Ежиевн гергарчаьрга хаам бира, цхьана низамхочо хаам бира, хьехархо полицера ведда аьлла.
Дечкен-беттан йуьххьехь республикерчу Урус-Мартанан кӀоштарчу Рошни-Чу эвлан йистехь, хьуьнхахь карийра цуьнан дакъа. Официалан версехь - Ӏожаллин бахьан "ирзо тӀера охьавожар". Оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос дийцарехь, Эжиев вийнера Нохчийчоьнан куьйгаллийна критика йеш дӀахьедарш дарна.
Устрада -гӀалин мэр хилла волу Темирбаев ИбрахӀим а велира цу кепарчу хьелашкахь 2021-чу шарахь, официалан версица, цуьнан машен ирзо тӀера охьайоьжна, иза цу меттехь хиллачу чевнех велира.
Амма оппозицин боламо ӀАДАТ йаздарехь, Темирбаев вийна хиллера. Нохчийчоьнан куьйгалхо хиллачу Алханов Ӏалуна гӀортор йар бахьана долуш, 2006-чу шарахь дуьйна, цуьнан Кадыровга "мостагӀаллин хьежам" хиларх лаьцна йаздира "Новая газета" зорбано. 2019-чу шеран товбеца-бутт чекхболуш лаьцнера Темирбаев, цо дарж дитинчул тӀаьхьа. Къайлахчу набахтехь латтийра цхьана шарахь эха шарахь гергга. 2021-гӀа шо долалуш дӀахецнера иза, амма оханан-баттахь Темирбаев дӀакхелхира.
Масех эзар стаг лачкъорна айдина бехкзуламан гIуллакхаш, кху 30 шарахь таханлерчу дийне кхаччалц таллам баз ду
Тахана а цхьа а хаам бац 26 шо долчу нохчийн иллиалархочух Бакаев Зелимханах лачкъорх. 2016-чу шарахь марсхькху-беттан 8-чохь Соьлжа-ГӀалахь вайра иза: ницкъахоша лачкъийна Зелимхан, къайлахчу набахтехь латтош ву иза, хаамбора цуьнан гергарчу накъосташа. Нохчийчуьрчу бакъонашларъяран цхьана организацин анониман хьостано шен къамелехь хьахийра, иллиалархо лачкъорна, Кадыровн администрацера лакхарчу даржехь волу хьаькам бехке хила мегаш ву аьлла.
Бакаевн нана массо а Ӏедалехула чекхйалла лелира : цо латкъам бира Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн министралле а, Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолу комитете а, шена лехамашкахь гӀо доьхуш, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга аудиохаам дӀайазбира цо.
Гезгмашан-баттахь Нохчийчоьнан Ӏедалша Бакаев Германехь ву аьлла дӀахьедар дира, тоьшалла деш "Грозный" пачхьалкхан телерадиокомпанино шен сайта тӀе хIоттийра цуьнан видео. Журналисташа тидам тӀебахийтира Европе дӀавахана бохуш дуьйцучу Бакаевн видеохаамехь, Оьрсийчохь бен йухкуш йоцу мебель а, малар а хиларна. Товбеца-баттахь "СK SOS" организацино зорбане баьккхира Бакаевн тIехь къиазалла а лелийна, цул тӀаьхьа Кадыровн наха вийна бохуш бина таллам.
Дийца а бакъо йоцуш
Кхин а бохаме ду, Нохчийчуьрчу оппозицин Телеграм-канал ӀАДАТ модераторан, 18 шо хилла Тепсуркаев Салманан кхоллам. Нохчийчоьнан ницкъхоша лачкъийра иза Геленджикера отелера, цигахь иза официант болх беш хилла. Лачкъийначул тӀаьхьа геолокацица къасто аьтто белира, Салман, Кадыров Ахматан цӀарахчу патрульни а, гӀаролхойн а полицин полкан территори тӀехь хилла хилар.
ӀАДАТ-о бинчу хаамца, Тепсуркаев лачкъийна, тIехь къизалла а лелийна, иза маьрша Соьлж-гӀалахула лелаш ву бохуш, сурт хӀиттийначу видеош тӀехь гайтира. Цул тӀаьхьа Соьлжа-гӀалара ара а ваьккхина, кхин а цхьана кӀиранах сийсаза а веш гӀело а йира цунна. Гезгмашан-беттан 15-чохь Гуьмсан кӀоштарчу Джалка юьртарчу тӀеман полигонехь, иза вийра. ТӀаьхьо Тепсуркаев Салманан дакъа цуьнан гергарчаьрга дӀаделира, цаьрга къайлаха билгало йоцчу кошахь дӀаволла аьлла, тӀедожийра.
Нохчийчоьнан ницкъаллин структураша шайна тIера Тепсуркаев лахар жоьпалла дӀадаьккхира - жигархо лачкъорна бехктакхаман гӀуллакх 4 бутт баьлча дечкен-баттахь бен а схьацадиллира. Амма 2023-чу шеран оханан-баттахь хаам бира, талламаш сацийна хилар, талламхочо "массо а оьшуш долу талламан декхарш кхочуш дина" хилар бахьана. Тепсуркаев лачкъорехь дакъалаьцна нах хӀинца а къастийна бац.
Дуккха а бу, ницкъахоша лачкъийна, лар йоцуш тӀепаза байна. Церан цӀераш, йа полицин хаамашна тӀехь, йа тӀепаза байначу нехан цIеран тептарш тIехь хьаахийна бац. Церан кхерийна гергарнаш зӀене ца бовлу бакъонашларъярхошца. Цу тайпа дина зуламашна йукъахь - 2017-чу шарахь Нохчийчура 27 вахархо лачкъийна, йуха уьш байар гIуллакх, цунах лаьцна "Новая газета" зорбано йазйира йоккха статья.
КХИН А ХЬАЖА:
Тепсуркаев Салман верца доьзна бехкзуламан гIуллакх айдан дуьхьал хилар низамехь ду аьлла Нохчийчуьра кхело"Нохчийчохь дерриг а бехктакхаман гӀуллакхаш цхьатерра ду, цхьана конвейер тӀехь дина санна"
Низамхоша наркотикашца доьзна харцонца кхоьллинчу гӀуллакх бахьана, таӀзаран колонехь хан йаккхина волу "Кавказан къаьмнийн ассамблея" организацин президенто Кутаев Руслана чӀагӀдо, Нохчийчохь дерриг а бехктакхаман гӀуллакхаш цхьатерра ду, цхьана конвеер тӀехь дина санна. Цкъа а хилла дац, низамхоша лаьцнарг ведда къелхьара ваьлла.
"[Умаров лар йоцуш вар] Украинехь тӀом балале хилла ду, цундела хӀинца уьш цхьана а хӀуманах богуш бац. Цу хенахь, шаьш цхьаъ деш ду, иза дерриг а низамехь ду бохуш, моттаргӀанаш лело дезаш хилла церан, цундела цара и гӀуллакх сацош, тӀаьхьо йуха схьаделлуш леладора. Хетарехь, Умаров Мовсарна хилларг ду, церан "рутинехь" хуьлуш дерг. Низамхоша, шаьш наркотикех, йа къаьркъанах кхетта болуш, цунна тIехь къизалла йеш, ларамаза тоьхна, йа Iалашо йолуш вийна тарло иза. Кхузахь дуккха тайп-тайпана версеш хила тарло", - бохуш, дуьйцу цо.
Оппозицин Telegram-канал NIYSO а, Умаров Мовсар Ӏазап латточу хенахь вийна бохучу версина тIетоьвжа. Цигахь цхьа хало йара, иза веллачул тӀаьхьа хӀун дан деза, хIун сурт хIотто деза бохуш, кхетадо организацин векало.
"Дуккаха хьолахь, вийна стаг, кхиамца дӀаяьхьначу лерринчу операцехь вийна "террорхо" санна гайта гӀерта уьш. Масала ТIехьа- Мартара хIаллакъбина кегий нах санна. Царех цхьаъ, ницкъхоша Ӏазап латточу хенахь вийнера, бисинарш тӀаьхьо спецоперацехь байъина аьлла кхайкхийра. Ткъа Мовсар, тIепаза вайна аьлла кхайкхо сацам бира. Талламхошна хилларг къасто новкъарло йинарг - Мовсар шайн накъосташа вийна хилар дара, иза йара проблема", - билгалдоккху хьостано.
Цо дийцарехь, лачкъийначул тӀаьхьа, оккупаци йинчу Нохчийчохь массо а бохург санна стаг хьийзош, йетташ, сийсаза воккхуш, психологин Ӏаткъам беш ву. Ницкъхошан Ӏалашо цхьаъ йу – стаг кхирор, цуьнгара мел хила тарлуш дерг довзар, иштта цуьнга шаьш бохург дайтар а.
Умаев Мовсаран гIуллакхан талламан материалашна тӀекхача бакъо ца йалар – таллам бина ца хилар а, иштта гайта хӀума ца хилар ду, аьлла хета нохчийн бакъонашларъярхочунна (оха цуьнан цӀе йовзуьйтуш йац кхерамазаллин бахьанашца).
"Вайна дагадогӀуш ма-хиллара, Умаров ницкъаллин структурийн белхахоша лачкъийна, дIавайна ву. Юьхьанца цара мукӀарло дира, шаьш лачкъийна хиларна, амма цул тӀаьхьа талламхоша, иза ша тӀепаза вайна санна сурт хIоттийра, цӀера а ваьлла, кхин цкъа а цӀа ца веана санна. Таханлерачу Нохчийчохь нах лечкъор Кадыровс Ӏуналла дечу ницкъаллийн хьукматийн белхахоша лелош ду. Вай кхеташ ду, талламан органашка уьш талла бакъо лур йоцийла", - тешна ву редакцин хьоста
Амма, цо чӀагӀдо, цхьана агӀор Ӏуналла дечу органашка, вукху агӀор бакъонашларъярхошка а, журналисташка а латкъам бан безаш хилар: "Стаг лачкъийча, уггаре а эвсаре некъ бу, ма-хуьллу сихха дӀаккхайкхор. Лачкъийна стаг, зуламхоша хьийзийна хIаллакъвале. Иза даима бохург санна хуьлу лачкъийначу нахаца. Дуккхачу нехан аьтто ца хуьлу Ӏазапех кӀелхьара бовла".
Амма, зуламхой жоьпе озорна, сацатуьйсу наха, гӀуллакх кхечу регионе дехьадаьккхича а: 30 шарахь, нах лачкъорца доьзна масех эзар гӀуллакх хӀинца а теллина дац, ур-атталла зуламхойн цӀераш йовзачу гӀуллакхашкахь а, бохуш, жамӀ до цо.
- Лахьан-беттан йуьххьехь адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центро хаамбира Нохчийчохь шуьйра "зачисткаш" дIайахьарх лаьцна. Бахьана хиллера, шиъ эскархо вуьйш, гIадужу-беттан 26-чохь Росгвардин коврана дина тIелатарх. Кадыровхоша лачкъийна вигинчу цхьаннан цIе хаа аьтто хиллера – и вара заьIапхо волу Устрада-ГIалара вахархо Батыров Ризван. Бакъоларйархойн хаамашца, Грозненскан кIоштахь лаьцна латтош вара хIетахь кхин а "бIе стаг". Полисхойн декъехь цаьрга ши некъ кховдийна хиллера: Украинана дуьхьал тIамтIе доьлху шу, йа шаьш дуьхьал айдинчу гIуллакхехула набахте.
- 2024-чу шеран стигалкъекъа-баттахь а хаамаш кхечира, Нохчийчохь ницкъхоша масех иттаннашкахь меттигера бахархой лечкъорах. ХIетахь информаци тӀечӀагӀйира "Мемориало". Нах лечкъор дуьйзира "Дустум" тIейаздина машен йагорца. И ник йу лелош регионан куьйгалхчун Кадыров Рамзанан кIанта, никнейм санна лелош. Нохчийчохь лаьцна, тIехь ницкъбинчул тIаьхьа велла 45 шо долу Шелан кӀоштара вахархо Мухадиев ИсмаьӀал.
- Дечкен-беттан 30-чохь ницкъхоша Сиржа-Эвлара Мухадиев ИсмаIил дIавигинера. Полицина хетарехь, "магийна йоцчу" постана лайк йиллина аьлла. Шен цӀенна 40 километар генахь йолчу Соьлж-ГӀаларчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан декъе дӀавигира Мухадиев. Цигахь ток йетташ, хьийзор бахьана, кхелхина иза, чӀагӀдо нохчийн оппозицин Niyso боламан жигархоша. И бакъдина ишта "Вайфонд" олучу бакъонашларъяран цхьаьнакхетаралло а.